Москвахь лаьцначу Нохчийчуьрчу вахархочуьнгара герз даьккхина

Москван малхбузенехь полисхоша дIалаьцна Нохчийчуьра 24 шо долу жимстаг. Тапча а, патармаша а даьхна цуьнгара, дийцина "Москва" хаамийн агенталле полисхойн декъерчу хьостано. Цо даредарца, Нохчийчуьра веана и жимстаг сацийна хилла полисхоша Можайскан шоссехь кхааридийнахь.

"Цуьнан дегIах хьоьвсича карийна Стечкинан ши тапча а, 9 мм калибр йолу 40 патарма а", - дийцина агенталле хьостано.

Лаьцна полицин декъе дIавигинчу цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдаран хаттар ду дийцаредеш.