Саидов Билал. Кехат

Your browser doesn’t support HTML5

Саидов Билал. Кехат

Саидов Билал
Кехат

Ахь боху, ма язде
Кхин кехат хьайга.
Ас яздахь а, айхьа
Доьшур дац, боху.
Конверт а ца достуш,
ИэтIор ду боху.
ОьгIазло хьайн цкъа а
ДIаевр яц боху.

Хийла сайн цатерг а
Яздан ца кхуьуш
Иллеш яздан зама
Iожалле йоьхуш,
Мукъа вуй со тIаккха
Кехаташ яздан,
Ахь доьшуш хилча а,
ИэтIа а ца деш.

Ахь итт яздича а,
Сан цхьанна дуьхьал,
И цхьаъ хьоьга яздан
Зама йоццушехь,
Iалой ткъа яздаза
Дагехь дерг хьоьга,
Баккхалой ткъа бехк а,
Бехке йоллушехь.

Яздийр ду кехаташ
Хьалхачул дукха,
Амма тосур дац царех
Ас почте цхьа а.
Жоп айса яздийр ду,
Ахь яздеш санна,
Цунах тоам бийр бу,
Суо бакъвуй хууш.

Iемина а вац со
Къаронаш яха,
Дагахь а ца хилла
Бехказа вийла.
Замане дIало ас
Шеконийн кхел яр,
ГIалатваьлларг вайха
Цо гучувоккхур ву.

Хьо эшош, кхел хила
Суна ца лаьа.
Хьо елхош, толам а
Суна ца оьшу.
Безам тIехь бакъонаш
Къийсинчех вац со.
Я безам хьесталуш
Безачех а вац.

Iен мегар ду хьуна
Хьо, шек а йоцуш,
Сан кехаташ этIош,
Къахьоьгур дац ахь.
ГIенах и нислахь а,
Сан бехк ма белахь,
Амма самаяьлча,
Елха мегар ду…