Нохчийчохь байначеран доьзалшна 1.6 миллион евро далар тIедожийна Европерчу кхело

Европерчу адамийн бакъонашкахула кхелан симбол.

Францерчу Страсбургехь куп тоьхначу Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело Оьрсийчоьнан Iедалшна тIедожийна 2000-2005 шерашкахь салташа дIавигинчул тIаьхьа лар йоцуш вайначу 20 стеган гергарчарна 1 миллион 600 эзар евро ахча далар. Цу хьокъехь сацам бина Страсбургерчу кхело Мангалан-беттан 4-хь.

Болчу хаамца, берриг а и нах лар йоцуш байна Нохчийчохь 2-гIа тIом боьдуш, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша Iуналла дечу территори тIехь тIеман барзакъ доьхна герзаца хиллачу наха лецна дIабигначул тIаьхьа.

Цу тайппа сацам бинера Европерчу кхело стохка Дечкен-баттахь. Цу хенахь компенсаци елларш бара тIом боьдуш лар йоцуш вайначу 17 стеган гергарнаш.