Марханаш къобал хийла!

Your browser doesn’t support HTML5

Марха Достучу Дийнахь керланиг, хазаниг юху бедар, мерзаниг кечдо даар. И ламаст дац цкъа а хийцалуш. Амма го тахана, заманашца дуьстича, керла битамаш а: марханаш къобалдарна шена беллачу шекаран бIелигах доккхадера бер хьалха, ткъа иза "чекх ца долу" тахана - Snickers, Mars ца йоькъучу керта дода а ца доьду бер! Хийцалуш ду дезчу дийнан хатI, дикачу агIор хийцалуш … Маршо Радион корреспондента тергалдира цхьамогIа нохчийн ярташкахь Марха Достуш.