Титиев хенал хьалха маьршавалийтар къастор ду Нохчийчуьрчу кхелехь

Титиев Оюб.

Хенал хьалха билламе маьршаваккхарх лаьцна Титиев Оюбан дехар луьстур ду тахана Нохчийчуьрчу кхело. Зазадоккху-баттахь "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу офисан куьйгалхо чувоьллира, 4 шо колонехь даккха хан а тоьхна, наркотикаш лелорна бехке а вина.

"Мемориалан" кхеташонан гIантдас Орлов Олега чIагIдарехь, Титиевна цу тайпа кхел кхайкхон бахьана дацара. Цо дийцарехь "Мемориал" кхин дIа а дагахь ю Титиевна гIортор ян, яздо "Эхо Москвы" радионо.

Титиевс латкъам ца бира шена хан тохарна, Стигалкъекъа-баттахь ша маьршаволуьйтур хиларе сатесна хиларна. Делахь а бакъонашларъярхо хенал хьалха билламе маьршаваккхар хьокъехь хила еза кхеташо тIаьхьатеттира прокуроран дехарца.