"Вай ду Оьрсийчоьнан цхьаала ларйинарш"

Your browser doesn’t support HTML5

Кххарийдийнахь мехкан коьртачу майдана, "Нохчийчоьнан Дог" маьждигна хьалха, массех эзар стаг гулвира Нохчийчуьрчу Iедало Оьрсийчоьнан Де даздан. Малхо хIиттийначу студенташна, бюджетерчу хьукматийн белхахошна хьалха бараман дайша дийцира, мел деза ду нохчийн къоманна Оьрсийчоьнан де. "Вай ду Оьрсийчоьнан цхьаалла ларйинарш, дуьненаюкъарчу террористийн бIонех пачхьалкх цIанйинарш", - бохура цара гуламхошка.