Оьрсийчуьрчу суьдхошна тIетухуш ду алапа

Путин Владимир.

Оьрийчуьрчу суьдхошна кхушарахь тIетухуш ду алапа. Цу хьокъехь указ арахецна президенто Путин Владимира, хаам бо низамашца боьзна хаамаш бовзуьйтучу портало.

Указан текстца а догIуш, Оьрсийчуьрчу суьдхойн алапа хьаладоккхур ду 1,4-зза. Иза деш ду кхелахошна социалан агIор гIо дан а, цхьаннех бозуш боцуш цаьрга болх байта а.