Керла тIеман барзакъ тIедоьхна Росгвардин Нохчийчуьрчу эскархошна

Уггар хьалха керла барзакъ тIедоьхнарг ву Росгвардин буьйранча Золотов Виктор.

Росгвардин маситта декъо хIинцале а хийцина шайн тIеман барзакъ. Оьрсийчоьнан гвардин эскархошна тIедухучу керлачу духаран цIе ю "Мох" (Корсам). Иза копи ю Iамеркан A-TACS FG камуфляжан (басаршца хьулдина духар).

Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша яздарехь, уггар хьалха керла тIеман барзакъ тIедоьхна Нохчийчуьрчу Росгвардин дакъошна.

Росгвардин керла барзакъ гайтира 2018-чу шарахь Москох ЦIен майданахь парад хилале хьалха. Уггар хьалха керла барзакъ тIедоьхнарг вара Росгвардин буьйранча Золотов Виктор.