"Со - Кочесоко" йоза а карахь сурт даьккхина кегийнах лецна Черкесскехь

Черкесскан бахархой лецна, жигархо Кочесоко маьршаваккхаре сатуьйсуш, цуьнан цIе тIеязйина кехат каралаьцна сурт дакхарна - Физикова Марина а, Псеунов Аслана а, Псеунов Зураб а.

Цхьаьннан зудчо, Псеунова Зулетас, хаамбина, лецнарш Черкесскерчу полице дIабигина, аьлла.

"ДIакхойкхуш кехат а ца даийтина. Сан цIийнда Аслан вига полици еана Iуьйранна. Сан оцу хенахь берийн беша бер эцна яхана яра. Чуеача, Асланца дисинчу вукху тхайн берашкара хиира хилларг", - боху Псеуновас.

Кочесокон агIолоцуш сурт даккхийтина кегийнаха массех де хьалха.

"Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Лескенан кIоштахь кху беттан 8-чохь лаьцна "Хабзэ" юкъараллин куьйгалхо Кочесоко Мартин. Цуьнан машена чохь наркотик карийна полицина, чIагIдо талламо. Кочесокон уьйрашна хетарехь, цунна бухакхоьссина кхераме коьчал цуьнга шен болх битийта гIертачу Iедало.