Нохчийчохь герз кхийсинчу зудчунна гIуда тоьхна

Нохчийчохь герз кхийсинчу зудчунна гIуда тоьхна

Къилбаседа ХIирийчуьрчу блогерна Джикаева Маликина 40 эзар соьманна гIуда тоьхна, хаамбина шен инстаграм-агIонехула Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Ша Нохчийчохь хан хьочу юкъанна, полисхочун бедарш а йоьхна, маса-топ а, тапча а кхийсина Джикаевас. Оцу хьолехь видео а яьккхина, йиллина иза социалан машанашка.

Нохчийчуьрчу Гуьмсан кIоштан полицино хIоттийна административан бехкаллин кехат "кхийса магийна йоцчу меттехь герз кхийсарна" цIе йолчу Административан кодексан артиклца а догIуш.