Паьнгазхойн мукъамаш Парижехь

Your browser doesn’t support HTML5

Гуьржийчохь а, Нохчийчохь а евзаш йолчу Паьнгазарчу зударийн "Азнаш Лааман" ансамбло еарийдийнахь концерт дIаяьхьира Парижехь. Перфомансах шайн самукъадаьллийла ца лечкъадора хьовсархоша. 1995-чу шарахь Маргошвили Маквалас вовшахтоьхна ю квартет. Зударий эшарш хеза нохчийн а, гуьржийн а меттанашкахь, тIаьхьа балош кехатан а, дечкан а пондарш, вота а йолуш. "Вуно тайна аьзнаш ду, дIаяздина хезаш а доцуш, мел атта дац иштта багахь лакха а, цуьнца цхьаьна пондар бало а. Суна дукха ца хаахь а, хаьара, хезнера нохчех лаьцна, ткъа церан эшарш хезна яцара. Мел тайна бу и мукъамаш! " - элира "Кавказ.Реалиига" концертехь хиллачу Парижан цхьана яхархочо. ТIаьххьарчу беттанашкахь жигара болх бо паьнгазхойн ансамбло шайн Парижерчу продюссерца. Францехула дуккха а концерташ яла ехкина хенаш ю "Азнаш Лааман" тобан.