Оьрсийчоьнан 13 регионехь иммунодефицитан лазар (ВИЧ) кхетта бу цхьаъ сов процент бахархой. РБК агенталло Iорадоккху и терахь, Роспотребнадзоро кечйинчу рапортан бух тIехь. Кхи а 35 регионашкарчу бахархошлахь 0, 5 процент сов лакхадаьлла го ВИЧ лазар.
2018-чу шарахь Иркутск кIошт яра иммунодефицитан лазар уггар а даьржинчех ю аьлла къастийна. 1, 8 процент цигарчу бахархойх хьакхаделлера и лазар. Шина проценте гIоьртинера лазар Свердловскан а, Кемеровон а кIошташкахь.
ВИЧ цамгарх тIаьххьара 2015-чу шарахь хIоттийна статистика.
ХIетахь, РБК агенталлан зерашца, исс регионехь цомгашчу нехан терахь 1 процент дара. Цу шарера схьа лерича, 40 процентал а лакхара ю иммунодефицитан лазар долчу нехан статистика.
Оцу юкъанна 2018-чу шарахь цомгуш хилла 30-50 шераш долу кхи а 70 процент бахархой.
· Роспотребнадзоран зерашца, 2018-чу шеран чакхенехь миллион сов стаг вара ВИЧ диагнозца. ХIора денна Оьрсийчохь иммунодефицитан лазар долу 300 гергга вахархочунна. Иттозза совдаьлла тIаьххьарчу итт шерачохь оцу лазарх леш болчийн терахь а.