Федералан лехамашкахь хилла нохчо лаьцна ХIирийчохь

Къилба ХIирийчохь ницкъаллийн структурийн белхахоша дIалаьцна 28 шо долу Нохчийчуьра вахархо. Дийцарехь, федералан лехамашкахь хилла иза. Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбанаша бина и хаам. Полицино талламаш дIахьочу хенахь къаьстина некъан низамаш талхорца зуламан гIуллакх дуьхьал а даьккхина, и жимстаг федералан лехамашка велла хилар. Дахначу шеран Чиллан-баттахь Ставрополан кIоштахь дина хилла лаьцначо зулам.

ДIалаьцнарг а, цуьнан хьокъехь гулйина материал а регионерчу полицин декъе дакхачийна, хаамбо "15-й регион" хьостано.