Швецин полицино дIахецна Садулаев

Швецин полици. Архивера сурт.

Швецехь полицино дахецна шинарин дийнахь Стокгольмехь лаьцна хилла "Вайфонд" бакъонашларъяран а, гIо-накъосталлин а вовшахтохараллан куьйгалхо Садулаев Мансур. Цунах лаьцна "Кавказ.Реалиига" хаам бина Садулаевн накъосташа.

Сайдулаев лецира Стокгольман аэропортехь, кемантIера охьабиссина схьабогIучу некъахошна юкъара схьа а ваьккхина. Цул тIаьхьа иза дIавигира Нючёпинг гIалан полицин декъе.

Бакъонашларъярхо лацаран бахьана дуьйцу, терроран тIелетарш даре кхайкхамаш беш хилла аьлла, иза Оьрсийчоьно Интерполехула лехамашка велла хилар.