Грецехь 6 стаг кхелхина Iаламан бохамехь

Гайтаман сурт

Грецехь Халкидики ахгIайренехь онда шторм ялар бахьана долуш кхелхина кхечу пачхьалкхашкара туристаш. Царна юкъахь ву Оьрсийчуьра ши вахархо. Цунах лаьцна хаам бо Рейтер агенталло.

Оьрсийчуьрчу туристна а, цуьнан 2 шо долчу кIантана а тIе дитт доьжна Неа-Потидея олучу меттигехь хьешан цIийнан уллехь.

Грецерчу зорбанан гIирсаш яздарехь, байинчарна юкъахь бу Чехера (2) а, Румынера (2) а туристаш.

Шторм хилар бахьана долуш лазийна ву 100 сов стаг. Меттигерчу Iедалша чолхе хаьл кхайкхийна Iалам меттахдаьллачу ахгIайренехь.