Кадыровга орца доьху Нижний Тагилерчу яхархочо

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Нижий Тагилерчу яхархочо петици кечйина Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Оьрсийчуьрчу омбудсменан Кузнецова Аннин а цIарах, хиллачу цIийндегара шен йоI схьайоккхуш шена тIехIоттар доьхуш.

2014-чу шарахь Украинера Нижний Тагиле даха дIадаханера и зудий, майрий. Кхеран йоI гучуяьллачул тIаьхьа, барт ийгIина, кхечу зудчунна тIе дIаваханера цIийнда. Цул тIаьхьа шен йоI а эцна, Белгородскан кIошта дIаяханера зуда. Стигалкъекъа-баттахь цунна тIаьхьа а вахна, зудчунна етта а йиттина, цуьнгара шен йоI схьаяьккхинера дас.

Кхелахойн сацам а йоI деца юьсуш хилла, хIунда аьлча, цунна тIедогIуш рицкъ а хиларна, цигахь доьзалхо берийн беша лелош а хиларна, оцу меттигах иза дIаийна йогIуш а хиларна.

Деца йоI йита дагахь йоцчу зудчо петици язйина Путинан а, Кадыровн а, Кузнецован а цIарах.