Дагестанехь хино такхийна диъ адам делла

Дагестанерчу Карабудахкентан кIоштарчу Уллубийаул эвлахь охьадогIучу хино такхийна ши зуда а, ши бер а. "Уьш кIелхьарбохуш операци йолийнера оцу сохьта, делахь а аьтто ца баьлла уьш дийна хичуьра хьалабаха. Тахана Iуьранна карийна церан декъий", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале республикерчу орцан министраллан пресс-гIуллакххоша.

Аьхке йолаелчхьана Дагестанехь верриг а хичу вахана исс стаг, шайлахь диъ бер а долуш. Лийча йихкина меттигаш бахархоша цаларъяр ду аьлла орцанхоша, хи тIехь нах баларан коьрта бахьана.