Некъахьовзамехь велла Шелан кIоштан полицин буьйранча

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн академехь диплом схьаоьцуш ву Мусаев Тамерлан, кху денойн сурт

Мохкох Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Академи чекх а яьккхина, диплом схьа а аэцна, Нохчийчу юхавогIуш, Ростов махкарчу некъа тIехь, дуьхьалйогIучу машенах шен машен а кхетта, велла Шелан кIоштан полицин куьйгалхо Мусаев Тамерлан.

Некъахьовзамах а, Мусаевн кхалхарх а лаьцна хьахош дац цкъачунна Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайта тIехь.

ТIаьххьарчу дарже ша кхачале Мусаев Тамерлан лаьттира мехкан парламентан спикеран Даудов Мохьмадан хана коьртехь. Иза оцу даржехь а волуш йохура цуьнан цIе политикан тутмакх Кутаев Руслан набахте хьажорца доьзна (2014-гIа шо).

ХIетахь Кутаевс дIахьедира, ша лоцуш шена йиттира мехкан полицин министран гIовсо Алаудинов Аптис а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а аппаратан буьйранчас а, аьлла. Ткъа Мусаев Тамерлана шена электрошокерца ток йиттира, бохура Кутаевс.

2014-чу шарахь Кавказан къаьмнийн ассамблеян президентна Кутаев Русланна 4 шо хан туьйхира набахтехь яккха, накркотикаш лелорна бехке а вина. Ша Кутаевс даре ца дира цунах, ткъа бакъоларъяран "Мемориал" центро иза язвира политикан тутмакхийн могIара.

Тхоьгахь йолчу информацица, Мусаев Тамарелана, чкъуран рак йолуш, Мохкох Блохинан цIарахчу онкологин Iилман-медицинан центрехь дарба лелийна хилла.

Ша схьаваьллачу Майртуьпахь дIавуллур ву Мусаев Тамерлан.