Мусаевн цIарх маьждиг хир ду Майртупахь

гайтаман сурт

Куршлойн кIоштарчу Майртупахь маьждиг деш ду Нохчийчуьрчу Iедалхоша Шелан кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъан хьаькам хиллачу Мусаев Тамерланан цIарх. Цунах лаьцна шен Instagram-хь хаам бина Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, иза кхечу маьждигех тера а хир ду, цхьана хеннахь 5 эзар гергга стаг чутарлуш а хир ду.

Маршо Радионо яздина ма хиллара, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан академи чекхяьккхина Москвара Нохчийчу цIавогIуш Мусаев Тамерлан велла Ростох кIоштахь хиллачу некъахьовзамехь кху беттан 21-чу дийнахь. Иза дIавоьллина Майртупахь.

Шелан кIоштарчу полицина куьйгалла дан хIоттавале иза вара Нохчийчьурчу парламентан гIантден Даудов Мохьмадан гIаролан хьаькам.

Кавказ.Реалиино дийцарехь, наркотикаш лелийна аьлла Нохчийчохь лаьцна колонехь 4 шо даьккхийтинчу Кавказан къаьмнийн Ассамблеян куьйгалхочо Кутаев Руслана чIагIдора, Мусаевс шена элетрошокерца ницкъ бинера бохуш.