"Шлагбаум" - доттагIий дагалоцу меттиг

Your browser doesn’t support HTML5

ГIиргIазойчоьнан шахьарна Бишкекна уллехь лаьттачу Лебединовкехь беха 50 сов нохчийн доьзал. Царех ву 75 шо долу Гайсумов Ширвани. Селхана хилча санна лаьтта цуьнан бIаьра хьалха шайн юьрт а, Фрунзе а (Бишкекан шира цIе ю иза) дIаекъалучохь лаьттина шлагбаум. Тахана яц и дозатухург, амма йолуш санна дагалоьцу иза Ширванис. Дехьа-сехьа бовла нохчашна а, гIалгIашна а доьхкуш хIоттийна лаьттина и шлагбаум. Цул дехьаваьллачунна набахтехь яккха хан тухура, дуьйцу нохчочо.