Юсупов ИбрахIим. Цомгаш хуьлу дитташ гурахь...

Your browser doesn’t support HTML5

Цомгаш хуьлу дитташ гурахь... Юсупов ИбрахIим

Юсупов ИбрахIим

Цомгаш хуьлу дитташ гурахь...

Цомгаш хуьлу дитташ гурахь,
Шийла чарп тIейогIий хоршин.
Ца латтарна шайна бухахь
Вайша, бIаьра хьоьжуш вовшийн.

Дитташ цомгаш хуьлу гурахь,
БIаьрса гIеллуш, лагIлуш хазар.
Хоттаничохь, ДаьргIахь, Гуьнахь –
Массанхьа ду диттийн лазар.

Хуьлу дитташ цомгаш гурахь,
Ла ца яллал мехийн Iиттарш.
Хьан сурт гича ирсан гурахь,
Толур ду Даймехкан дитташ.

Хоттане, 1974 шеран ноябрь