Юсупов ИбрахIим. Дарц даларх лекхачу ломахь...

Your browser doesn’t support HTML5

Дарц даларх лекхачу ломахь... Юсупов ИбрахIим

Юсупов ИбрахIим

Дарц даларх лекхачу ломахь...

Дарц даларх лекхачу ломахь,
Екаеш махо шен зурма,
Диц ца деш ша хилар тIома,
Аьрзуно шен некъ бо кура.

Йисарх а тIемаш а дойна,
Ницкъ боцуш Iаьршашка яла,
И гур яц гIелйина ойла,
Балхабеш шегара бала.

Со хIинца кхетта-кха шера
Ахь хIунда олура, нана:
«Халонех цкъа а ца кхера
Ламанан аьрзунах Iама…».

Хоттане, 1975 шо