Юсупов ИбрахIим. Ницкъ хиларх Iаьршашка дийла...

Your browser doesn’t support HTML5

Ницкъ хиларх Iаьршашка дийла... Юсупов ИбрахIим

Юсупов ИбрахIим

Ницкъ хиларх Iаьршашка дийла...

Ницкъ хиларх Iаьршашка дийла,
Мукъаме аз хиларх айдан,
Хуьлуш ду олхазарш хийла
Шайгара боцуш цхьа пайда.

Хиларх а юьхь-сибат делош,
Дош олуш эсала, тийна,
Iаьржа дог шайн кийрахь лелош
Лаьттахь ду адамаш хийла.

Хоттане, I975 шо