Юсупов ИбрахIим. Мел атта кхоллало илли...

Your browser doesn’t support HTML5

Мел атта кхоллало илли... Юсупов ИбрахIим

Юсупов ИбрахIим

Мел атта кхоллало илли...

Мел атта кхоллало илли,
Хьан бIаьргийн седарчий гуш.
ГIевланга сан васт а диллий,
Дохдехьа хьайн гIенан гIуш.

ЧIагIбехьа мукъам сан шовкъан,
Хьайн зевне аз хуттуш тIе,
Ца хирриг иллешна новкъа
Хьайн беснийн кIур боцу цIе.

Вехьа со бIаьстенан декъах
ГIитточу хьайн дагчохь зов.
Ас юхьарлаьцначу некъах
Тохахьа безаман тов.

Хоттане, 1978 шеран март