Куьйга йина 9 бомба карийна Дагестанехь

Гайтаман сурт

Дагестанехь куьйга йина 9 бомба карийна хиларх лаьцна хаам бина ФСБ-н меттигерчу урхаллан зорбанан сервисо. Полицин белхахой тIеIиттабелла хилла царна Генуб эвлахь.

Бомбанаш хилла цу эвлахь тесна йолчу гIишлонан чохь. Церан юкъара ондалла ю 90 кила тратилца юьстича.

Ма-дарра аьлча, куьйга йина бомбанаш биргIанаш хилла эдина наштаран подар а, аммиакан селитра а, арматуран дакъош а чохь долу. Куьйга йина бомбанаш хIаллакйина. Таллам болийна полицин векалша.