Могушаллин министралла: лоьрийн къоьлла ю Нохчийчохь

Цхьана стагана маса лор кхочу хьожуш, Оьрсийчоьнан могушаллин министралло бинчу талламехь хилла жамIаш Iорадаьхна. Уггар дукха лоьраш кхочу цхьана вахархочунна Чукоткехь а, Санкт-Петербургехь а, Къилба ХIирийчохь а.

Лоьрийн къоьлла хааелла Курганскан, Псковскан кIошташкахь а, Нохчийчохь а аьлла ду, дахначу шеран динчу зерийн тептарехь.