Къилбаседа Кавказе бурам лелийта дагахь ю Туркменистан

Оьрсийчоьнан регионашка бураман некъаш дахка Iалашо ю Туркменистанан, дIахьедина оцу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министран хьехамчас Дурдыев Сердара Таркхойн хIорда гонахарчу мехкийн экономикан форумехь.

Туркменистанера бурамаш лелар ду Астраханан махка а, Дагестане а, хаамбо ТАСС агенталло.

Агенталло дагадоуьйту "ХIинжа-ГIала – Туркменбаши" бурам юкъадаьккхина хилар 2002-чу шарахь. Амма иза сецира шо а далале.