Дозанал арахьара кхаьчна Iежаш хIаллакдина Дагестанехь

Махкарчу кхачан башхаллаш зуьйчу Россельхознадзор урхаллин декъо 650 кийла Польшера деана Iежаш хIаллакдина.

Стоьмаш карийна дозанхошна ХIинжа-ГIалин йистерчу цхьана блок-постехула чекхйолу машен толлуш, боху хьукматан пресс-гIоьнчаша.

Дийцарехь, документаш а доцуш дохьуш хилла Дагестане Iежаш. Машенлелорхо жоьпалле озийна Iедало.