Дуьненан рекорд: пресс тIехь 2085-зза хьала-охьатаьIина Кхарачой-Чергазийчуьра кIант

БархI шо ду 2 сахьтехь пресса тIехь хьала-охьатаьIаш рекорд яьккхинчу Кхарачой-Чергазийчуьрчу Кызыл-Юьртарчу школин шолгIачу классерчу Джемакулов Мухьаммадан.

Махкахь дIаяьхьначу рекордийн фестивалехь тоьлла гайтина шаьш кхин а итт къоначу спортхочо.

Яьхна рекордаш ехха вота еттарца а, хьала-охьахаарца а, йозаллаш айарца а, говр хахкарца а, кхечу хьуьнаршца а.

Цхьана дийнахь оццул дукха рекордаш хIитторца биглалбаьлла Кхарачой-Чергазийн мохк Оьрсийчуьрчу Гиннесан рекордийн тептара язбийр бу, хаамбо "Комсомольская правда" газето.