Некъахьовзамехь 4 стаг велла Дагестанехь

Кумторкалан кIоштахь ши машен вовшах а кхетта, велли виъ стаг.

Дагестанан полицино бинчу хаамца, Алмало юьртана гергахь нисбелла бохам. Вовшахкхетта ВАЗ-2114 а, "Приора" а машенаш.

Велла виъ воцург, лазийна кхин а кхо стаг, царех шиъ бер ду.

Некъан инспекцино бахарехь, "Приора" шен йоцчу асанна тIе а яьлла, дIакхетта дуьхьалйогIучу машенах.