Лечийн терахь бечу нахал сов ду Оьрсийчохь. Амма яц оцу декъахь Къ. Кавказ

Кхушеран ялх баттахь Оьрсийчохь беллачу нехан дукхалла дуьнентIе девллачу берийн барамца юьстича, баларш совдовлу 27,6 %-на. Стохка и башхалла яцара 21 процент бен.

Терахьаша гайтарехь, дина пачхьалкхехь 720 эзар гергга бер, ткъа велла 920 эзар гергга стаг.

Амма 16 регион ю Оьрсийчохь адамаш тIекхиарца билгалйолуш, боху "Прайм" хьасто. Церан могIарахь ю ерриг а Къилбаседа Кавказан республикаш а, Ямал-Ненцойн, Тюменан, Ханти-Мансийн мехкаш а, Оьрсийчоьнан малхбалера республикаш Тыва, Алтай, Буряти, Якути, Чукотка а.

Оьрсийчоьнан мегаполисех цхьа Москва бен яц ден бераш лечу нахал терахьехь совдовлуш.