Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIеман бIаьхойн сий …НАТО-н вастехь

Гайтаман сурт

Амур-махкарчу Дипкун юьртарчу Дуьненан ШолгIачу тIамехь беллачу бIаьхойн хIоллам эха шарахь лаьттина НАТО-н (Европан а, Iамеркан а эскарийн цхьаьнакхетараллин) вастехь, хаамбо "Сибирь.Реалиино", Amur.Info хьастанна тIе а тевжаш.

Кхушеран Толаман де тIекхочуш карлабаьхна хIолламна тIера васт-битамаш. Амма хIинцца хааделла, Советан пачхьалкхан васташ а доцуш, НАТО-н васташ дуйла хIолламна тIехь, гинарг ву меттигера депутат Ветелкин Валерий.

"Стенгара баьхкина юьрта белхалой хууш дац. Аьчках мемориал йина, бIаьхойн васт а кхоьллина, амма дац васт Сийлахь-Боккхачу тIеман декъашхошна, аьлча а, тIамехь эгначу махкахошна, догIуш. Iамеркан эскаран духар ду царна тIехь, карахь ю Iамеркара М-16 маса-тоьпаш", - боху Ветелкина.

Хилларг толлуш, "Сибирь.Реалиино" йиттинчу телефонна дуьхьал жоп ца делла юьртан администрацино. КIоштан куьйгалхочо Лысакова Тамарас, шаьш хIолламна тIера васт дIадоккхуьйтур ду юьртда садаIа ваханчуьра цIавеача, аьлла.