Ша а, кхо воккханиг а, ши бер а дийна кхиазхочо

Гайтаман сурт

Оьрсийчуьрчу Ульяновск махкахь уьрсаца шен доьзал а, ша а вийна кхиазхочо.

Бохам нисбелла Патрикеево юьртахь. Пхи дакъа – кхоъ воккханиг а, ши бер а – карийна доларчу цIа чохь. Цистина, Iиттина чевнаш ю массарна тIехь, яздо "Интерфаксо".

ЦIенна 500 метр юьстах, цхьана мобилан зIенан гIишлонна уллехь карийна шен гергарнаш байина хила тарлучу кIентан дакъа.

6 адам дийна карор толлуш ю прокуратура, боху ТАСС агенталло.