Хасаров ШаIрани. Марша Iойла

Your browser doesn’t support HTML5

Хасаров ШаIрани. Марша Iойла

Хасаров ШаIрани
Марша Iойла

Со дIавоьду. Марша Iойла!
Хаза ду хьо юьссуш цIахь.
Хийла некъаш хир ду вайна
Цхьаьна дан а дахарехь.

Гур ду суна: кIайн дарц хьийзар,
Iуьйре йийлар лаьмнашца,
БIаьста зезаг беца тийжар
Хьан кехатийн хьаьркашца.

Ларйийр ю хьо сема цара
Хьайн деллачу дашна тIехь.
Цхьацца дуьйцуш болчу нахах
Дуьне дуьзна доллушехь.

Вохвели со хьо схьа хьаьжна.
Дагчу кхечи бIаьргийн цIе.
Шерийн гунал дехьа ваьлла,
Схьадан воьду со вайн де.