"Нохчийчоьнан, Дагестанан доттагIаллин кхеташо" кхуллуш бу жигархой

Еарийдийнахь вовшахкхеттачу Дагестанерчу юкъараллийн декъашхоша дIахьедина, эгIийта йиш яц шайн махкарчу къаьмнийнний, нохчийнний вежаралла, аьлла.

Жигархошна бахарехь, Iора а бохуш, емалбан беза къаьмнашна юкъа цим туьйсу нах, дерриг а дан деза бIешерашкахь лелла шина мехкан гергарло эшаме ца дигийта.

Юкъархойх цхьамма, Хадулаев Шемала, дIахьедира, "нохчий а, дагестанхой а эгIон Iалашо а йолуш, леррина бан болийна болх бу шина а агIонна дуьхьал". Хадулаевс дехардина луларчу шина мехкан бахархошка, "кхидIа вовшийн боршалла зуьйш, вовшашна лер дитарахьара", аьлла.

"Вайн бакъо яц, ваьш-ваьш хеста а деш, питане дерза. Шеко хила а ца еза вай массо а майра нах хиларх. Хилла яц оцу тIехь шеко вайн Шемал-Имаман а. Ас доьху шуьга, оьгIазалло гIовттийна нах, хилахьара шу собаре, хьекъале", - боху шен дIахьедарехь Хадулаевс.

Вежаралла Iалашдархьама "Нохчийчоьнан, Дагестанан доттагIаллин кхеташо" кхолла сацамбина гуламхоша.