Мехкан денна кечлуш ю Нальчик

ГIебарта-Балкхаройчоьно зезагех юзуш ю шайн шахьар Нальчик. Къилбаседа Кавказехь дуьххьарлера Зезагийн Гайтам хир бу цигахь тIекхочучу шоьтадийнахь – махко Конституци тIеэцна де даздеш. Ишта хаам баржийна REGNUM агенталло.

Махкарчу а, тIебаьхкинчу а нахана лерина майданашкахь дIахьор ю концерташ, спектаклаш. Ткъа массо а барамийн коьртехь хир бу зезагийн гайтамаш – даздаршка бахка кечлуш бу Оьрсийчуьрчу регионашкара тоьлла флористаш.