Челябинскерчу набахтехь вийначу тутмакхан гергарчара компенсаци тIейожийна

Челябинскерчу набахтехь Iазап хьегна веллачу Исраилов Султанан дас, нанас Нохчийчуьрчу кхеле арз чуделла, шайна динчу зенна а, шаьш кхаба да воцуш дисарна а дуьхьал 15 миллион сом компенсаци тIейожош, яздо "Коммерсанто".

Колонин белхахой бехкехиларх сацам Челябинскехь тIеэцна, ткъа компенсаци тIейожош иск Соьлж-ГIаларчу кхеле кхачийна, хIунда аьлча, низамаша бакъо ло и стаг ваьхначу махкахь компенсаци еха.

"Зона права" бакъонашларъярхойн организацин адвокато Сабинин Андрейс дийцина, арз чуделларг Исраилов Лема а, цуьнан хIусамнана Рукъет а ю аьлла. "Къена ду вийначу кIентан да а, нана а. ФСИН-ан бехк хилар а тIечIагIдина. Оьрсийчоьнан бахархойн кодексца а догIуш, пачхьалкхан векалша динчу зуламашна жоп дала дезарг пачхьалкх ю", - аьлла Сабинина.

Набахтехь даккха 9,5 шо хан тоьхна хилла, вийна Исраилов Султан Челябинскерчу лоьмар 2 йолчу колонехь хан токхуш вара. 2015-чу шеран ГIуран-баттахь ша маьршаваккха бутт хан йисинчу хенахь ШИЗО-хь ирхъоьллина карийнера иза. Набахтен белхахоша ша шена тIе куьйг даьхьна цо аьлла, дIакхайкхийра, амма бакъонашларъяхоша теллича къаьстира, колонин белхахоша иза вийна хиллийла.