Некъахьовзамехь стаг вийна Нохчийчохь

Гайтаман сурт

Бохам хилла Невран кIоштахь кIирандийнахь. Савельевски а, Калиновски а эвланашна юкъахь дуьхь-дуьхьалкхетта 38 шо долчу стага урхалла дон ВАЗ-21124 а, 31 шо долу стаг хьалха хиина хилла ВАЗ-217030 а ши машен.

Чохьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо бинчу хаамца, и бахьана долуш вийна ВАЗ-217030 чохь хилла 59 шо долу некъахо. Ши а машенлелорхо лазийна. И шиъ охаьвиллина ву Неврарчу кIоштан дарбанан цIийне.