Дагестанан Iедалша терроризмана ахча даларна бехке вечу меттигерчу вахархочо Вагабов Моьхьмадэмина дов хоттуш дIахьедар дина, ша бехк тIелаьцнера шена ницкъ барна аьлла. Цунах лаьцна яздо "Кавказский узело".
Вагабовс дийцарехь, 2018-чу шарахь Дечкен-баттахь иза лаьцнера коьртах туьтмIаьжигаш йоьхкина хиллачу наха. Полицин декъе вигина цунна йиттина хилла цара.
Бехкевечуьнга, ток а етташ, дагахь Iама дайтина цо дан деза тоьшаллаш. Вагабовс чIагIдо шена ницкъ бечу наха шен караяхкара бохуш гранаташ а, патарманаш а. Цо дийцарехь, ша бехке хилар даре дина цо юха а цу къизаллах чекхцавала.
Вагабов бехке веш ву, бакъо а йоцуш, тӀеман гӀирс лелорна а, низамо магийна йоцчу тобанан декъашхо хиларна а, терроризмана ахча даларна а.
"Кавказский узело" яздарехь, цуьнан да Вагабов Хьабиб гергара ву Дагестанерчу тIемалойн хьалханча хиллачу Вагабов МохьмадIелин. И стаг вийна 2010-чу шарахь, лерринчу полицин операцехь.