Деа дийнахь бен бийр бац болх?

Пачхьалкхехь белхан эвсаралла лакхаяккхархьама хIоттийначу программица а догIуш, шаьш къастийначу меттигашкахь белхан кIира деа дийне охьадакха кечлуш ю Оьрсийчохь къинхьегаман министралла, РИА Новости агенталло бечу хаамца. Оццу хьокъехь дийцина "Известия" газето, экономика кхиоран министран гIовсанна Засельский Петрна тIе а тевжаш.

Эксперимент дIахьор ю юьртабахамашна а, сурсатех кхачоечу а, Iилманан а, техника кхуллучу а, гIишлошъечу а хьукматашкахь, цуьнан жамIашка хьажжина хир ду пачхьалкхехь белхан кIира деа дийне даккхарца дерг, боху хьасташа.

"Дукха меттигашкахь белхалоша 30-40% белхан хан эрна хьо. И хан яц а еш, пайдехьа хилийта Iалашо ю тхан", - аьлла Засельскийс.

КIира деа дийне кхаччалц дацдарх йолу инициатива дуьххьара хазийнарг вара Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий. "Алапа ша ма-дарра а дуьтуш, бен болх эвсар а боккхуш, хан яц а еш дIадахьа деза иза", - элира цо кхо бутт хьалха.

Хьасташа бахарехь, дукха министраш реза бу белхан кIира дацдайта, амма оцу кепо шайна эшамбарна кхоьру шаьш, аьлла Оьрсийчуьрчу белхан меттигийн дайх дукхахболучара.