Нохчийчуьра цIабахначу Красноярскерчу полисхошна елла "ТIеман декъашхо" мидалш

Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн Красноярскерчу урхаллин цIарх Нохчийчохь эха шарахь ханехь а лаьттина, цIабаьхкинчу полисхойн цIерпоштанна дуьхьалбахара церан хьаькамаш.

Некъара биссинчу полисхошка вистхиллачу Красноярск мехкан полицин буьйранчийн гIовсо Стефанков Олега а, меттигерчу парламентан спикеро Свиридов Дмитрийс а дика болх барна хастийра махка юхабирзинарш, "ТIеман декъашхо" мидалш елира "лаккхара хало ловш декхар кхочушдинчу" шина полисхочунна.

2009-чу шарахь официалехь йирзина "контртерроран операци" Нохчийчохь. Амма тахана а кхуьлуш ду цига Оьрсийчоьнан массо а регионера полицин дакъош.