Немцов верна бехкевина, набахтехь хан токхучу Губашевс арздина Кадыровга

Оьрсийчоьнан оппозиционер Немцов Борис вийна аьлла, набахте хьажийначу Губашев Анзоран латкъамбина, ламаз ца дойту шега, ишта шегарчу КъорIанан муьжалт а ятIийна аьлла. Адвокате Молодежников Викторе дийцина Губашевс, кху аьхка шен камерех хьовсучу заманчохь КъорIанан муьжал ятIийна, ша бетах хьокху гата лаьтта а кхоьсира шен аьлла. Ишта цо далхийна, кест-кеста ламаз дечу заманчохь а дуьхьалонаш латтайо шена аьлла, яздо "Медиазона" хьостано.

Губашев Анзоран хIусамнанас кехат дахьийтина хиллачух Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Адвокато бахарехь, цкъачунна цуьнгара жоп хилла дац хIусамнанна.