Велла Готт Карел

Готт Карел

Шинарин сарахь Прагехь велла 80 шо долу Чехин эстрадан йишлакхархо Готт Карел. Цунах лаьцна хаам бина ЧТК агенталле артистан гергарчу наха. Гезгмашин-бутт юккъебаьлча вон цамгар кхетта могушалла галъялла ву ша аьлла, хаам бинера цо.

Готт шуьйра вевзира 1960-чу шерашкахь. Цуьнан кхоларрала безамца тIеийцира дуккха а пачхьалкхашкахь, шайна юкъахь Советан Пачхьалкх а, Германи а йолуш.

Готт Карел сцени тIехь къахьоьгуш вара шен дахаран тIаьххьара денош тIекхаччалц.