ФСИН белхахоша вовшашна кхийсарш йина ГIалгIайчохь

Цхьана стагана чов йина ТаIзарш кхочушдон федералан сервисан ГIалгIайчуьрчу урхаллан белхахоша вовшашна герзаш деттарехь, хаам бо "Интерфаксо".

Еарин сарахь, ГIадужу-беттан 3-хь, Яндаре эвлан гергахь хилла иза. Гайх герз кхетта цхьа белхахо дIакхачийна Несарарчу клиникан дарбанан цIийне.

Оцу инцидентехь дакъалаьцнарш лецна бу. Хилларг толлуш ду.