Нохчийчоьнан куьйгалхо вен гIоьртина тоба лаьцна бохург эладита ду, аьлла Кадыровн пресс-гIоьнчас

Кадыровн дIовш дала гIоьртинарш лецна бохург эладита ду, ша цунна комментари йийр яц, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-гIоьнчас Керимов Iаьлвис. Оцу хьокъехь хаам баржийна "URA.RU" портало.

«Ас эладитанийн мехаш ца хедабо», - аьлла Керимовс.

Хьалхо Telegram-ерчу "СКФО Telegraph" канало яздира, Нохчийчохь «дийцаредо мехкан куьйгалхочунна дIовш дала гIоьртина бохуш», аьлла. Оцу хьостано бахарехь, зулам кечдечу тобанца хилла Устрада-ГIалахь мэр Iийна Темирбаев ИбрахIим а, чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс Алаудинов Апти а, Хьалха-Мартан администрацин куьйгалхо Абдурешидов Валид а.

Telegram-канало бахарехь, тоьшаллаш дайта лаьцна хилла Алаудинов. Цо бечу хаамца, массех бутт хьалха дийцадаьккхира махкахь, Хьалха-Мартан куьйгалхочой, Алаудиновссий къайлах бартбина хилла дIовш дала, аьлла.

Оццу хьостано дийцарехь, Кадыровн могашалла цIеххьана телхина, дуккхаза а тиларчуьра вийлина иза.

Хьалхо Нохчийчоьнан могашаллин министра Сулейманов Эльхана харцйира Кадыровн могашалла галъялла аьлла яьржина информаци. Яйн кепехь шелвалар доцург, мехкан куьйгалхочунна хилла хIума дац, бохура цо хIетахь.