Адвокаташ тIе ца буьту Саутиева Зарифина

Нальчикерчу изоляторехь латточу гIалгIайн жигархочунна Саутиева Зарифина тIе ца буьту цуьнан адвокаташ, хаам бина "Кавказ.Реалиига" юриста Дзугаев Билана.

"Ши адвокат – Беков Мохьмад а, Урусова Фатима а – ду тIе ца дуьтуш. Талламчаша къастадо, мила тIевахийта мега я ца мега. Иза низамехь дац», - боху Дзугаевс.

Маршо Радионо довзийтина ма-хиллара, кхо бутт хьалха ХIирийчохь лецира Саутиева. Iедалан белхахошна дуьхьалоярна бехкейо иза.

Зазадоккху-баттахь гулам лаьттира Магасехь, Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза къастош тIеэцначу документна резабоцчу нехан. Полицица дов иккхира гуламхойн. Цул тIаьхьа Iедало 30 сов жигархо озийра жоьпе. Царех цхьа дакъа тахана а ду лаьцна, кхела хьалха хIотто кечдеш.