Шемара курдойн ницкъаш хьаша арадевлла туркойн эскарш

Туркойн кеманаша тохар дина Шемин дозанерчу Хьасака провинцехь курдойн оппозицин "Шемин Демократин ницкъашна" тIе, хаам баржийна Либерчу Al-Mayadeen телеканало а, Шемерчу прессо а.

Кеманаша динчу зенах лаьцна хууш дац цкъачунна.

Хонкаран векалша дийцарехь, "террористаш" [курдойн сепаратисташ – ред.] хIаллакбан Iалашо ю Туркойчоьно йолийначу операцин. Туркойчуьйра шемахой-мухIажирш дIатарбархьама "цIанъян" езаш ю Шемин-Туркойчоьнан дозанера аса, аьлла ЭрдохIана.

Динчу тохаран Iалашо йовзуьйтуш, Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Чавушоглу Мевлюта дIахьедина, Хонкаро ханна хьовсийна шен ницкъаш луларчу махка, цо ларамбо Шемин суверенитетан, аьлла.