Стаг вер юкъадаккха деза кхелашкахула, боху Оьрсийчоьнан бахархоша

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин "ВКонтакте" машин агIонтехь хаттар дара хIоттийна, меттахIотто дезий Оьрсийчохь кхелашкахула бер дийна стаг а, педофил а вен кхачор, аьлла.

80% бахархошна хетарехь, кхелашна байа кхачон магадайта деза педофилаш а, бераш дойурш а. Амма 16% наха мегар дац, аьлла, пачхьалкханна стаг цхьана а бахьаница вен.

Деношкахь Саратовхь 9 шо долу Киселева Лиза йийна стаг лецира. ОьгIазбахначу бахархойн карара, ца воьйтуш, халла ваьккхира иза полицино. Оцу зуламан лорах ду Пачхьалкхан Думехь стаг вен кхачор дийцаре даккхар.