Дуьххьара футболе хьовса битина гIажаройн зударий
Your browser doesn’t support HTML5
1979-чу шарахь ГIажарийчохь Исламан революци хиллачу тIаьхьа дуьйна махкарчу зударшна дихкинера стадионашка эхар. 40 шо даьллачул тIаьхьа 4 эзар гергга футболан фанат-зуда йитира 2022-чу шарахь хинйолчу дуьненан чемпионате къасточу ГIажарийоьнна а, Камбоджана а юкъахь йоьдучу матче хьажа. Полисхойн кордонца божарех дIа а къастийна, шайнна метиг баьккхинера зударшна матче хьовса.