Дагестанерчу 20 шо долчу жимчу стагна Курбанов IабдулгIапарна набахтехь дакхха 12 шо хан тоьхна Къилбаседа Кавказерчу тIеман кхело, Шемарчу даIишхойх дIакхетарна. Кхело тIечIагIдарца, 2017-чу шарахь дIакхетта хилла иза Оьрсийчохь йихкинчу террорхойн организацех, яздо ТАСС агенталло.
Ишта тIеман гIирс а карахь ха деш хилла ву иза "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша карахь латтош хиллачу Атма гIалин а, Латакия провинцин а дозанашкахь. Кхелан версица, тIемаш бина цо Хама провинцехь а.